Зазадоккхучу беттан 13-г1а де боккъал долу деза де хилира хьашт болчу доьзалшкарчу байшна! «Хайра» @hayra_chr Г1Ц-н буха т1ехь йолчу, буоберашна накъосталлина йолчу «Вайн бераш» клубан жигархоша 35 буона а, 17 церан верасна а лерина рог1ера синкъераман акци д1аяьхьира. Берриге а декьахоша мерза кхача биира «Кофетун» дааран ц1ийнахь, цигара д1а «Гранд Парке» а боьлхуш берийн самукъадакхха. Кхузахь «Лайк Ланд» берийн майданахь дукха лерина т1еийцира кегийра хьеший.
Цул т1аьхьа Соьлжа-г1алахула экскурси д1аяьхьира, уггар хьалха «Нохчийчоьнан Дог» доккхачу маьждиге а доьлхуш. Кхузахь вайна гира Киши Хьаьжин к1ентан во1, цо вай арабаьккхинчу некъана т1ера до1а дарца беркате бира некъ!
Таханлерачу синкъерамех мах д1абеллера, ша мила ву къайла даьхьинчу, беркатечу стага, иштта шайн ц1ераш кьайлахьуш, ахчанца берийн дог хьаьстира кхин а шина дикачу стага (цхьаммо х1ора берана цхьацца б1е туьма делира, вукхо — цхьацца б1е сом), амма Аллах1 Хуушверг ву, Кьинхетамеверг ву, бекхам Цуьнгара а бу!
Вайгара баркалла диканехь дакъа мел лаьцначарна!